Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан деган кІоргене хьаьжира Хьо. Буьйсанна сан терго а йина, со Ахьа зийча, цхьа а вониг ца карийра Хьуна. Сайн бетера цхьа а вониг ца далийта сацам бина аса. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Веза Эла! Ахь со зе а зийна, Хьуна сох лаьцна дерг дерриг а хаьа. Со маца охьахоу а, со маца хьалагІотту а хаьа Хьуна. Сан ойланаш а евза Хьуна геннара а. Со новкъахула вогІуш велахь а, я вижина Іуьллуш велахь а, уллохь хуьлу Хьо суна. Со лела массо некъаш а девзаш ду Хьуна. Меттан буьххьехь долу сан дош а, ас багах а даккхале, ма-дарра девза Хьуна, Веза Эла. Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хІунда аьлча сан гІуллакх Аса Хьан кара дІаделла. ЮьхьІаьржачу хІиттабехьа сан мостагІий, ткъа со юьхькІайчохь хилийтахьа. Човхабехьа уьш, ткъа со паргІат хилийтахьа. Царна тІе бохаман де тІедаийтахьа, уьш кхоччуш хІаллакбехьа. Шайн амалшка хьаьжжина бен ца лелачу луьрачу хьайбанех тера бу и нах. Шайна ца хуург емалдо цара. Схьалеца а, дайа а дуьнен тІе даьхначу хьайбанех терра, уьш а хІаллакьхир бу.
Выбор основного перевода