Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІелхьарваккхахьа со, Веза Эла! Цхьа а суьпаниг ца висна-кх, адамашна юкъахь тешаменаш а бац-кх. ХІораммо а шен уллорачуьнга харцдерг дуьйцу. Шайн мекарчу меттанашца цара шалхо лелайо. Цуьнан аз эсала делахь а, цунах ма теша, хІунда аьлча цуьнан дог тІех дегазаллах дуьзна ду. «Ларлуш хила шайн доттагІех, шайн гергарчарах цхьаннах а ма теша, хІунда аьлча хІора гергарчо Іехаво, ткъа хІора доттагІчо эладита даржадо. Со хьалха урс хьакха буьгуш болу жима Іахар санна вара: суна ца хаьара цара сайна дуьхьал лелош дерг. Цара сох лаьцна бохура: «Дитт а, цо кхиийнарг а хІаллакдан деза вай. Дийначеран лаьтта тІера иза дІаваккха веза вай, дуьнен чохь цуьнан цІе кхин ца яккхийта». ТІаккха Веза Эла со вен гІерташ болчу Іанатот-гІаларчу цхьаболчу божарех лаьцна вистхилира соьга. Цара соьга аьллера: «Везачу Элан цІарах кхайкхамаш ма бе, оха вуьйр ву хьо». Амма Кипас дІахадийра: «Суна ахь хІун боху а ца хаьа, со кхета а ца кхета ахь бохучух». Иза а аьлла, Кипа кертан хьалха велира. ТІаккха нІаьна кхайкхира.
Выбор основного перевода