Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярми-ЯхІус Везачу Эло шега дІаала аьлларг дерриге а халкъе дІаэлира. Эццахь динан дайша а, пайхамарша а, халкъо а иза схьа а лаьцна, цуьнга элира: «Хьо вала веза! ТІаккха баьччанаша паччахье элира: «Ярми-ЯхІу вен везаш ву, хІунда аьлча цо дуьйцучо кху гІалахь бисинчу тІемалойн а, иштта гІалин бахархойн а майралла дІайоккху. Цо вайна лоьрург дика дац, вон ду». ТІаккха ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо баьччанашна жоп делира: «Иза шун карахь ву, ткъа со аша дечунна дуьхьал хІумма а дан йиш йолуш вац». Цара Ярми-ЯхІу, схьа а лаьцна, гІаролхойн кертахь яьккхинчу паччахьан кІентан Малки-ЯхІун гІунна чу кхоьссира. Ярми-ЯхІу, машшаш а дихкина, цу гІунна чу охьавоссийтира. Цу гІунна чохь, сазз бен, хи дацара. Иштта саззи юкъа охьавоьссира Ярми-ЯхІу. Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана эдомхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург а оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур ву Суна дуьхьал? Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана бавелхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарвалалур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур вара Суна дуьхьал?
Выбор основного перевода