Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалдолчу Эло элира: «ХІара халкъ баганца Суна тІекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Іамийна долу парз бен дац. И дитт массо а ницкъийн Везачу Эло доьгІна ду. Цо ма-аллара, и бохамаш хьуна тІе кхачаран бахьана Исраилан а, ЯхІудан а тІаьхьенаша дина долу зуламаш ду. БаІална сагІанаш а дохуш, цара Со оьгІазвахийтина». Уьш хьо волчу схьабогІу, халкъан гуламе богІуш санна. Сан халкъ хьуна хьалха охьахоу, цо хьоьга ла а дугІу, амма цо ахьа бохург кхочуш ца до. Цара хьуна тамехь долу къамелаш до, амма церан дегнаша адам ледарца шайна сā лоху.
Выбор основного перевода