Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Ва Веза Эла, дагадаийтахьа эдомхоша Ярушалайм эшийначу дийнахь динарг. Дагадаийтахьа цара иштта кхойкхуш хилар: «Йохае и гІала! Йохае иза буха тІе кхаччалц!» Оцу дийнахь Везачу Эло юха а Шен куьг дІакховдор ду Ашур-махкара а, Мисар-махкара а, ПатІрус-махкара а, Хуша-махкара а, Іейлам-махкара а, ШанІар-махкара а, Хьамат-гІалара а, хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнашкара а Шен халкъах дисина дакъа, мах а бина, юхадало. Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. Эпрайман хьагІ а дІаер ю, ЯхІудан мостагІалла дІахедар ду. Эпрайман ЯхІуде хьагІ хир яц, ЯхІуда Эпраймана мостагІалла лелор дац. Эпрайман а, ЯхІудан а къам, малхбузехьа а дахана, пІелаштамхошна тІелетар ду, малхбалерчу халкъийн хьал схьадоккхур ду цара. Эдоман а, Муабин а къаьмнаш цара эшор ду, ткъа Іамминан халкъ муьтІахь хир ду цушинна. Мисаран хІордана хи чукхета меттиг якъор ю Везачу Эло. Морцучу мохаца Цо, тІехула Шен куьг а лаьцна, Эпрат-хи, ворхІ татол а дина, доькъур ду. Цу татолех, кІархаш а буьйхина, дехьавалалур ву. ТІаккха Ашур-махкахь дисинчу Цуьнан халкъан декъана боккха некъ хир бу, ша Мисар-махкара арадолучу хенахь Исраилан халкъана иза хиларе терра. Сайн оьгІазаллица а, дераллица а, йоккхачу моханца а уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашна юкъара Аса билггал юхадерзор ду Сайн халкъ. Аса уьш хІокху метте юхаберзор бу, сашортехь Іайтархьама. Шен сийлаллица со вахийтинчул тІаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дІа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоІбІаьргах дІахьакхавелла. Ас хІинца Сайн куьг царна дуьхьал хьалаойур ду, тІаккха хьалха шайн ялхой хиллачарна хІонс хилла дІахІуьттур бу уьш». Иштта хуур ду шуна, со массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. «Йоккхае, самукъане хила, Цийонан йоІ! ХІунда аьлча Со, дІа а веана, шуна юкъахь вехар ву, – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода