Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан тур цІийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Іахарийн а, бежалойн а цІийх дузур ду, уьстагІийн жаннаш тІерачу махьарх а дазлур ду иза. ХІунда аьлча Бацар-гІалахь сагІа даккхар а, Эдоман лаьтта тІехь, доккха цІий Іанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. Ерзинчу лакхенашка хьала а хьажий, схьаалахьа, Исраилан халкъ, хьо хьарам мичахь ца лелла? Хьайн безаргашка хьоьжуш, некъан йистехь Іийна хьо, Іаьрбихо яьссачу аренгахь некъахошна тІелата дагахь ма-Іарра. ХІара латта бехдина ахьа хьайн хьарам леларца а, мекарлонца а. Ерзинчу лакхенашкара схьахезаш белхар ду: Исраилан халкъо шайн цІушка орца доккху, шайн Дела волу Веза Эла виц а вина, шаьш шайн некъаш талхор бахьана долуш. Цундела иштта боху Везачу Эло: «Тезет долчу керта ма гІолахь, цигахь кадам а ма белахь, хІунда аьлча Аса и къам машарца кхин декъалдийр дац, – боху Везачу Эло, – царна Сан безам а, къинхетам а кхин гойтур бац. «Иштта боху Везачу Эло: „Кхерабелла, боьлхуш болчеран аьзнаш хезаш ду. Къематан гІовгІа хезаш ю, машар а бац.
Выбор основного перевода