Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма тІаьххьарчу деношкахь Аса Муабин къоман аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. Муабина тІехь кхел ярх лаьцна хааман чаккхе кхузахь ю. Амма тІаьхьа Аса Іамминхойн аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. Амма тІаьххьарчу деношкахь Аса Іейламан къоман аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шаьш дІасадаржийна долчу къаьмнашна юкъара Айса Исраилан халкъ схьагулдича, Аса Сайн возалла гойтур ю массо а халкъашна хьалха. ТІаккха Исраилан халкъан бахархой шайн долахь болчу а, Аса Сайн ялхо волчу Якъубана белла болчу а махкахь Іийр бу. Ас Сайн халкъ йийсарера шен лаьтта тІе юхадерзор ду. Яссийначу гІаланашкахь гІишлош а йина, царна чохь баха охьаховшор бу уьш. Кемсийн бошмаш а йоьгІна, царах даьккхина мутта а муьйлур ду, бошмаш а кхиийна, царах бевлла стоьмаш а буур бу цара.
Выбор основного перевода