Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Токхечу лаьттах Цо дуьра аре йо, цу тІехь дехаш долчу адамийн волла. Со гонах дІасахьаьжча, цигахь цхьа а адам дацара, стигалара олхазарш а дІадаханера. Лаьмнашна ас белхар хІоттор ду, яьссачу аренгахь долчу дежийлашна тийжар хІоттор ду ас. Цхьана а стага цаьргахула некъ ца баккхарна, уьш дассийна ду. Бажа Іоьхуш цигахь ца хеза, стигалара олхазарш цигара дІадахара, бежанаш цигара дІадахара. Акха варраш а ду ерзинчу лакхенашкахь лаьтташ, чангІалкхаша санна, шайн мерех хІаваъ чууьйзуш. Церан бІаьргаш кхоьлина бу, яа буц цахилар бахьана долуш». Далла тешаме боцучарах мохк буьзна. Церан дахар вочунна тІедирзина ду, цара харцонца нахана шайн ницкъ бо. Везачу Элан неІалт хилар бахьана долуш, латта тийжаш ду, яьссачу аренгахь йолу дежийлаш якъаелла Іохкуш ю. И хІума бахьана долуш хІара латта тийжар ду. Лаьтта тІехь бехачу массеран а гІора довр ду. Аренийн акхарой, стигалара олхазарш, ур-атталла хІордан чІерий а хІаллакьхир ду. Дассийна кхаш, доьлху латта, ялта хІаллакдина, кемсийн мутт дІалекъна, зайт-дитт а маргІалдоьлла. Эхьах дузийша, латталелорхой, делхийша, кемсашлелорхой, гІайгІане хилийша кІена а, мекхана а, хІунда аьлча хІаллакьхилла кхаш тІехь ялта. Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргІалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Іожан дитт а – дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дІадаьлла. Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагІа доккхучу кхерча тІехь гІуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гІуллакх дийраш! ХІунда аьлча шун Делан цІа чохь лелош дац кІен а, чагІаран а сагІа даккхар. ДІахІоттадейша Далла марха кхабар, схьакхайкхийша халкъ динан гуламе, схьакхайкхийша къаной а, кху мехкан берриг а бахархой а шайн Везачу Делан цІа долчу. ГІо доьхуш кхайкхийша, кхайкхийша Везачу Эле! ЭхІ, ма де ду-кх иза! ХІунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хІума а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. Вайн бІаьргашна хьалхара дІа ца баьккхинера кхача? Вайн Делан цІийнера дІа ца даьккхина сакъерадалар а, хазахетар а? ХІуш хІаллакьхилла лаьттан бухахь, уьш дакъаделла долу дела. ЧІоьнаш а яссаелла, уьш йохийна йолу дела. Вайна хаьа, Дала мел кхоьллина хІума хІинццалц баланехь дуйла, берах хьийзош йолу зуда санна.
Выбор основного перевода