Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шуна таІзар дийр ду. Кхерам а, хІоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тІе. Цара шун бІаьрса а гІелдийр ду, синош а бІарздийр ду. Аш ялта дІадер эрна хир ду, шун мостагІаша иза дуур долу дела. Дуккха а ялта дІадуьйр ду аша, амма кІезиг гулдийр ду, хІунда аьлча цІазо дуур ду иза. Аш хІунда луш ду ахча шайна пайденна доцучух? Мах а луш, меца хІунда дуьсуш ду шу? Дика Соьга ла а догІий, мерзаниг дІадаа, тІаккха аша тоьллачу кхачанах дезар оьцур ду. Шайна тІе сингаттаман духар доха, мохь бетташ, тийжарца делха, хІунда аьлча Везачу Элан дералла ЯхІудан халкъана тІера дІа ца йирзина». Со дІахьаьжча, токхе лаьттах яьсса аре хилира, ткъа цуьнан массо а гІаланаш йохийна лаьттара, Везачу Элан дераллин оьгІазло бахьана долуш. ХІораммо а шен доттагІа лево, цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу. Шайн мотт цара харцдолчунна тІетабина. Къинош а летош, уьш Суна тІе ца берзало. ГІело а йина, цара кхин а гІело йо. Іеха а вина, цара кхин а Іехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дІакъехка», – боху Везачу Эло. Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама». Ахь ялта дІадуьйр ду, амма иза хьокхур дац. Зайтдиттан стоьмех даьтта доккхур ду, амма цунах пайда оьцур бац, кемсех мутта доккхур ду, амма чагІар мер дац. Аша дуккха а дІадоь, амма кІеззиг схьагулдо. Аша юург йоу, амма шу дуза а ца дузу. Аша мала а молу, амма шу хьогах дуьсу. Аша тІе бедарш юху, амма шу дох ца ло. Аша доккху алапа Іуьрг долчу кисана доьду“. Кхин а боху Цо: «Со Цунах дегайовхо йолуш хир ву». Кхин а: «ХІара Со а, Дала Суна делла бераш а ду».
Выбор основного перевода