Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Боьлхуш хила, оцу къоман нах! Шайн месаш, дІа а ларгий, дІакхисса. Ерзинчу лакхенашкахь тийжам бе, хІунда аьлча Везачу Эло хІара къам дІатеттина, Ша оьгІазвахийтина долу къам долчуьра Иза дІавахана. Везачу Эло халкъе элира: «Суна дезаш долчу къомо дуккха а къинош летийна, цундела хІун бакъо ю церан, Сан цІенна юххехь хила? Суна сагІина лерина долу жижиг а цара шайна дІадоккху. Делахь а, Аса царна таІзар дечу хенахь, даккхийден бахьана хир ма дац церан! qac Аqac*ьшнаш а еш, Хьалдолчу Эло ма кхолий Цийонан йоІ Шен оьгІазаллица! Исраилан халкъан сийлалла стигалара Цо лаьтта тІе охьатеси. Ша оьгІазваханчу цу дийнахь Шен когийн кІело Цунна дага ма ца еа. ХІинца билггала шун ЦІа Дала дІатесна ду.
Выбор основного перевода