Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
И хІума чекхдаьллачул тІаьхьа со волчу Исраилан куьйгалхой баьхкира. Цара элира: «Исраилан халкъана гонах канаІанхой а, хьетахой а, перезахой а, явсайхой а, Іамминхой а, муабахой а, мисархой а, эмархой а Іаш бу. Оцу къаьмнаша Далла хьалха дегаза гІуллакхаш леладо. Ткъа Исраилан халкъ, иштта динан дай а, левихой а, дІа ца къаьстира оцу къаьмнех а, цара лелочух а. Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дІаийнера. И къа шайх леточеран могІаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а». Хьайн лай болчу пайхамаршкахула Ахьа тхоьга дина весеташ дара. Ахьа тхоьга элира: „Шун дола даккхархьама шу дІадоьлхуш долу латта – иза шена чохь Іаш долчу къаьмнаша лелийна дегазачу гІуллакхаша талхийна латта ду. Дегаза хІуманаш а лелош, церан боьхачу гІуллакхашца оцу адамаша и латта дуьзнера цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц. Кхечу къаьмнех болчарах схьакъаьстинера исраилхой. Шайн меттигашкахь а лаьтташ, шаьш летийначу къиношна а, шайн дайша динчу зуламашна а мукІарло дора цара. «Ткъа халкъан кхиболчара – динан дайша а, левихоша а, Делан цІийнан кевнехь болчу гІаролхоша а, илланчаша а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхоша а, Делан товрат-хьехаман дуьхьа шаьш кхечу къаьмнех болчарах дІа мел къаьстиначара а, шайн зударшца а, кхетам болуш болчу массо а шайн кІенташца а, йоІаршца а –
Выбор основного перевода