Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
«Левин тайпанах берш, схьа а гулбай, АхІаронна хьалха дІахІиттабе, цаьрга цунна гІуллакх дайтархьама. Левихой гуламан четарна хьалха дІахІиттабе. Иштта дерриге а Исраилан халкъ дІагулде цига. «Иштта ду левихойн бакъонех лаьцна дерг. Ткъе пхи шо а, цул сов а хан йолу хІора левихо Делан четарца доьзна долу гІуллакх дан хІотта веза. И левихой кхаа тобане бийкъира Дауд-паччахьо. Уьш Левин кхаа кІентан тІаьхьенах бара: ГІиршанах, КхахІатах, Мерарих. Иштта ю АхІаронан тІаьхьенах схьаевлла тобанаш. АхІаронан кІентий хилира Надаб, АбихІу, ЭлиІазар, Итамар. Шайн къомах болчу гергарчийн доьзалшкара хІорра а декъана гІо дархьама, Делан цІийнан кертахь левихойн доьзалех цхьацца тоба дІахІоттае.
Выбор основного перевода