Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
«ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цІенош чуьра бод совсо хІума дІаяккха, хІунда аьлча цу деношкахь совсийна хІума йиънарг исраилхошна юкъара дІаваккха веза. ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа, ворхІалгІачу дийнахь Везачу Элана лерина дезде хІоттаде. Ярушалайме баьхкинчу исраилхоша чІогІа самукъадаларца ворхІ дийнахь даздира Совсазчу баьпкан дезде. Левихоша а, динан дайша а Везачу Элана хастамаш барна леринчу зевнечу зурманийн гІирсашца хІора дийнахь Цунна хастамаш бора. ЯхІудхойн паччахьо Амци-ЯхІус, хьехамчех дага а ваьлла, исраилхойн паччахь волчу ЯхІун кІентан ЯхІу-Ахьазан кІантана ЯхІуашана тІе геланчаш бахийтира, иштта дІаала аьлла: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хІотта вайшиъ». Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: Мадай-махкахь лаьттачу Ахьмати-гІалин паччахьан цІа чохь карийра цхьа тептар. Цу тептар тІехь яздина хилла: «Диц ца далийта: Іезара элира: «Декъала ву вайн дайн Дела волу Веза Эла. Цо паччахьна даг чу диллина, Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІийнан иштта сийде аьлла. И хІума хиллачу хенахь со Ярушалаймехь вацара. Бавелан паччахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъе шуьйтталгІачу шарахь со паччахь волчу юхаваханера. Цхьа хан яьлча, аса юха а паччахье сайна Ярушалайме дІаваха пурба дийхира.
Выбор основного перевода