Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: Цу хенахь Хьагай-пайхамар а, иштта Іидун кІант Закри-ЯхІу-пайхамар а Исраилан халкъан Делан цІарах ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а болчу яхІудхошка Делера болу хаамаш бан волавелира. ТІаккха Шалтаалан кІант волу Зурбабел а, ЮцІдукъан кІант волу ЮшаІ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цІен тІехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара. Амма ша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Бавелан паччахь волчу Къуреша леррина омра дира, Делан цІа юхаметтахІоттаде аьлла. Ярушалайм Шен цІе язъян хаьржинчу Дала таІзар дойла хІара аса аьлларг хуьйцур долуш волчу я Ярушалаймехь долу Делан цІа дохо шен куьг дІакховдийначу муьлхха а паччахьна а, халкъана а. Аса, Дари-Вашас, хІара омра дина. Аса аьлла ма-хиллара, хІара кхочушдойла». Дикка хан яьллачул тІаьхьа, Парси-махкахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь, Бавел-гІалара Ярушалайме веара Хьалкхи-ЯхІун кІант волчу Іазар-ЯхІун кІентан Сари-ЯхІун кІант волу Іезар. Аса, паччахь волчу Артахь-Шаштас, сан Эпрат-хил дехьа йолу хазна ларъеш мел болчарна тІедуьллу: шайга динан да а волчу, стигаларчу Делан товрат-хьехамаш нахана хьоьхуш а волчу Іезара дІадеххнарг, мало а ца еш, дІало.
Выбор основного перевода