Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Царна урс а хьаькхна, берриге а Исраилан халкъан къинош дІадахархьама, бежалойн цІийн цинцаш туьйхира кхерча тІе. ХІунда аьлча паччахьо омра динера берриге а Исраилан халкъана тІера дийнаташ дагоран сагІа а, къинойх цІандаларан сагІа а даккха аьлла. Ткъа динан дай кІеззиг болу дела, уьш лара ца бора дагоран сагІина далийначу дерриг а дийнаташна тІера цІокарчий схьаяха. Цундела царна гІо дора церан вежарий болчу левихоша. Кхиболу динан дай цІанбаллалц а, сагІа доккху и гІуллакх чекхдаллалц а гІо дира цара. ХІунда аьлча левихой шаьш Далла гергахь цІанбарна тІехь динан дайл а лерина лелара. ТІаккха шолгІачу беттан дейтталгІачу дийнахь Пасахьан Іахарна урс хьаькхира цара. Динан дайша а, левихоша а, эхь а хетта, цІан а белла, Везачу Элан цІийнан керта дагоран сагІа даккха дийнаташ далийра. Пасахьана лерина болчу Іахаршна урс хьаькхира. Левихойн карара Іахарех даьлла цІий, схьа а оьцуш, динан дайша церан цинцаш тухура. Ткъа левихоша тІера цІока схьайоккхура. Динан дайша а, левихоша а Далла хьалха цІанваларан Іадат кхочушдира. Иштта халкъана тІехь а, гІалин кевнашна тІехь а, гІалин пенна тІехь а кхочушдира цара цІена хуьлу Іадат.
Выбор основного перевода