Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
СагІа доккху кхерч базбинчу дийнахь халкъан куьйгалхоша совгІаташ деара, кхерч Везачу Элана лерина къобалбархьама. Шайн совгІаташ цара кхерчана хьалха дІахІиттадора. Динан дай оцу езачу чоьнна чуьра арабевлча, Везачу Элан цІа чохь марха хІоьттира. ТІаккха паччахьо а, массо а цуьнца болчу исраилхоша а Везачу Элана сагІа даьккхира. Сулим-паччахьо Везачу Элана бертан сагІина ткъе ши эзар бежана а, бІе ткъа эзар уьстагІ а беара. Иштта Сулим-паччахьо а, массо исраилхоша а Везачу Элан цІа даздира. Оццу дийнахь Везачу Элан цІийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира, цигахь дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш дохура, бертан сагІанан дийнатийн мохь а ягайора. ХІунда аьлча Везачу Элан цІенна хьалхахь лаьтташ болчу сагІа доккхучу йоьзачу кхерчана тІе дерриг а и сагІанаш ца тарлора. ТІаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хІоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цІе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхІ дийнахь, цул тІаьхьа кхин а ворхІ дийнахь цигахь Іийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара. Цул тІаьхьарчу дийнахь Сулим-паччахьо халкъ дІасахийцира. ТІаккха, паччахь декъал а веш, шайн хІусамашка юхадоьрзура адам. Халкъ самукъадаьлла дара, Везачу Эло шен лай волчу Дауд-паччахьна а, Шен Исраилан халкъана а дина дика хазахетта. Сулим-паччахьо ткъе ши эзар сту а, бІе ткъа эзар уьстагІ а беара сагІина. Иштта Сулим-паччахьо а, дерриге халкъо а Делан цІа даздира.
Выбор основного перевода