Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Цу хенахь царна тІевеара Эпрат-хил малхбузехьа долчу латтанашна тІехь хьаькам волу Татинай. Цуьнца цхьаьна Шатар-Бузнай а вара, шеца цхьаьна куьйгалхой а болуш. Цара Зурбабеле а, ЮшаІе а хаьттира: «Шуна хьан бакъо елла хІара Делан цІа дан а, кхуьнан пенаш дина довлийта а?» – аьлла. Эпрат-хил малхбузехьарчу латтанаш тІехь хьаькам волчу Татинайс а, иштта Шатар-Бузнайс а, Эпрат-хил малхбузехь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а паччахь волчу Дари-Ваше дахьийтина кехат иштта ду. ТІаккха Эпрат-хил малхбузехьарчу меттигийн хьаькам волчу Татинайс а, Шатар-Бузнайс а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а, Дари-Вашас ма-аллара, цуьнан омра хила ма-деззара кхочушдора.
Выбор основного перевода