Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Сулим-паччахьо Везачу Элана бертан сагІина ткъе ши эзар бежана а, бІе ткъа эзар уьстагІ а беара. Иштта Сулим-паччахьо а, массо исраилхоша а Везачу Элан цІа даздира. Цо шийтта тІулг схьаийцира. Уьш дара Везачу Эло шега: «Исраил хир ю хьан цІе» – аьлла волчу Якъубан шийтта кІантах девллачу тайпанийн барамехь. Цул тІаьхьа йийсарера юхабирзинчу наха дийнаташ дагоран сагІанаш дохура Исраилан Далла лерина. Массо а Исраилан халкъан дуьхьа шийтта сту а, безткъе ялхитта уьстагІ а, кхузткъе вуьрхІитта Іахар а сагІина беара цара. Иштта цара шийтта бож къинах долу сагІа санна еара. И массо а бежана цара дийнаташ дагоран сагІанаш санна еара Везачу Элана.
Выбор основного перевода