Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хІума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цІа чу охьадиллина долу. Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тІедиллира и хІуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхІудан эла волчу Шишбацаран кара дІаелира. Набухди-Нецара, Ярушалаймехь долчу Делан цІа чуьра ара а яьхна, Бавелехь долчу деланийн цІа чу яьхьна йолу дешин а, детин а пхьегІаш, Къуреша, юха а Бавелехь долчу деланийн цІа чуьра ара а яьхна, ЯхІудан мехкада хІоттийна волчу Шишбацаре дІаелира.
Выбор основного перевода