Цу хенахь царна тІевеара Эпрат-хил малхбузехьа долчу латтанашна тІехь хьаькам волу Татинай. Цуьнца цхьаьна Шатар-Бузнай а вара, шеца цхьаьна куьйгалхой а болуш. Цара Зурбабеле а, ЮшаІе а хаьттира: «Шуна хьан бакъо елла хІара Делан цІа дан а, кхуьнан пенаш дина довлийта а?» – аьлла.
Эпрат-хил малхбузехьарчу латтанаш тІехь хьаькам волчу Татинайс а, иштта Шатар-Бузнайс а, Эпрат-хил малхбузехь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а паччахь волчу Дари-Ваше дахьийтина кехат иштта ду.
Цул тІаьхьа Дари-Ваша-паччахьо иштта жоп дІадахьийтира: «Эпрат-хил малхбузерчу меттигийн хьаькам волу Татинай а, Шатар-Бузнай а, цуьнца цхьаьна цигахь куьйгалла деш берш а Ярушалаймехь деш долчунна юкъагІерта ца беза.