Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Цул тІаьхьа йийсарера юхабирзинчара тІулг боккхуш болчарна а, дечиг-пхьерашна а ахча лора, ткъа цІаданхошний, цорахошний даа-мала а, зайтдаьтта а лора, цаьрга хІорда тІехула Ливанунера Яппе кхаччалц баганан дитташ дІадахьийта. Парсихойн паччахь волчу Къуреша царна цу тІехь пурба деллера. Ахьаш-Варушан паччахьаллин шийтталгІачу шеран Нисан цІе йолчу хьалхарчу баттахь ХІаманна хьалха «пур» (иза «кхаж» бохург ду) тесира, де а, бутт а къастош, жуьгтий хІаллакбан лерина хан билгалъяккхархьама. Иштта Адар цІе йолчу шийтталгІачу беттан кхаж белира.
Выбор основного перевода