Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Іайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кІентий а, йоІарий а, шун леш а, гІарбашаш а, шун гІаланашкахь Іаш болу левихой а, тІебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Іаш болу зударий а. Оцу дезачу деношкахь сакъера – аша а, шун кІенташа а, йоІарша а, шун леша а, гІарбашаша а, шун гІаланашкахь Іаш болчу левихоша а, тІебаьхкинчу наха а, байша а, бисинчу зударша а. Нахьми-ЯхІус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хІума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хІума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дІакъастийна долу де ду. ГІайгІане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чІагІдийр ду шу!» Массо а халкъ шайн цІеношка дІадахара хІума яа а, малар мала а, вовшашна юург-мерг кховдо а, чІогІа самукъадаларца даздан а, товрат-хьехамашна юкъара царна аьллачух шаьш кхетта дела. Паччахьан сацам дІакхаьчначу хІора меттехь а, хІора гІалахь а адам чІогІа сакъералуш а, доккхадеш а дара, цара даккхий тойнаш дІа а хІиттийнера. Тайп-тайпанарчу къаьмнех дукхах болу нах жуьгтий хилира, хІунда аьлча уьш жуьгтех чІогІа кхерабеллера. И денош жуьгташа даздан дезаш хилла, хІунда аьлча цу дийнахь уьш шайн мостагІех паргІатбевлла хилла дела. Цу баттахь цаьргахь хилла болу бала церан сакъерар хилла дІахІоьттира, церан белхар самукъане деза де хилла дІахІоьттира. Цара цу деношкахь, тойнаш а деш, вовшашна совгІаташ дала а, гІийлачарна сагІина хІума яла а дезара. Лаьттахь дехаш долу адамаш, цу хиллачух даккхий а деш, самукъадаьлла хир ду. Наха вовшашка совгІаташ а кхийдор ду, оцу шина пайхамаро лаьттахь дехаш долу адамаш дукха хьийзина хилла дела.
Выбор основного перевода