Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ТІаьххьара а Эсират паччахь волчу чуйоьду хан тІекхечира. Шен деваша волчу Абу-ХІаилан йоІ йолу Эсират Мардахайс, шен йоІ санна, тІелаьцна хилла. Паччахь волчу чуйоьдучу хенахь, паччахьан зударий ларбеш волчу ваьІначу ялхочо ХІигайс шена хьехам бинарг бен, хІумма а ца дийхира цо. Эсират дІагинчарна массарна а хазахеташ хилла. Мардахайс и кехаташ Ахьаш-Варушан цІарах дІаяздайтира, паччахьан мухІарца чІагІ а дира. Цо и кехаташ геланчашка паччахьан сихачу говрашкахь дІасадахьийтира (и говраш къаьсттина сихачу дойх схьаевлла хилла). Мардахайс, и массо а хІума дІа а яздина, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь генахь а, уллохь а Іаш болчу массо а жуьгташка кехаташ дахьийтира, хІора шеран Адар-беттан кхойтталгІачуй, дейтталгІачуй деношкахь Пурим олу деза де дазде аьлла.
Выбор основного перевода