Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Паччахьан сацам дІакхаьчначу хІора меттехь а, хІора гІалахь а адам чІогІа сакъералуш а, доккхадеш а дара, цара даккхий тойнаш дІа а хІиттийнера. Тайп-тайпанарчу къаьмнех дукхах болу нах жуьгтий хилира, хІунда аьлча уьш жуьгтех чІогІа кхерабеллера. Мардахайс, и массо а хІума дІа а яздина, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь генахь а, уллохь а Іаш болчу массо а жуьгташка кехаташ дахьийтира, хІора шеран Адар-беттан кхойтталгІачуй, дейтталгІачуй деношкахь Пурим олу деза де дазде аьлла. Нах ца баьшна а, наха дІатесна а вара Иза. Лазарш хааделла а, эгІазаллаш евзина а стаг вара Иза. Шена тІера юьхь дІаерзаечу стагах санна, Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера. Вай массо а тиладелла уьстагІий санна дара, хІора а шен-шен новкъа тІевирзина вара. Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тІе вайн массеран а къинош а, бехк а. И латта шайна а, шайна юкъахь доьзалш а кхоьллина, бехаш болчу кхечу къаьмнех болчу нахана а, кхаж а тасий, дІасадекъа. Кхечу къаьмнех болу нах исраилхошца нийсса лара беза. Царна а, Исраилан халкъан тайпанашна санна, лаьттан дакъа кхочу. Оцу дийнахь дукха халкъаш тІедоьрзур ду Везачу Элана. Сан халкъ а хилла дІахІуьттур ду уьш. Со шуна юкъахь вехар ву. ТІаккха хуур ду шуна Закри-ЯхІу-пайхамар шайна тІе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла.
Выбор основного перевода