Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Паччахьан сацам дІакхаьчначу хІора меттехь а, хІора гІалахь а адам чІогІа сакъералуш а, доккхадеш а дара, цара даккхий тойнаш дІа а хІиттийнера. Тайп-тайпанарчу къаьмнех дукхах болу нах жуьгтий хилира, хІунда аьлча уьш жуьгтех чІогІа кхерабеллера. Жуьгти волу Мардахай Ахьаш-Варушал тІаьхьа шолгІа стаг хилла цу пачхьалкхехь. Жуьгташна юкъахь чІогІа сийлахь хилла Мардахай, царна везаш а хилла иза, хІунда аьлча цо шен къомана дика долу хІума лохуш а хилла, цуьнан тІаьхьенан дуьхьа машарх лаьцна вистхуьлуш а хилла. ТІаккха даржехь лакхаваьккхира паччахьо Даниал. Дуккха даккхий совгІаташ делира цо цунна. Бавел-мехкан цхьана декъа тІехь а, бавелхойн хьекъалалла долчарна тІехь а коьрта хьаькам хІоттийра цо иза.
Выбор основного перевода