Ахьаш-Варушан паччахьаллин шийтталгІачу шеран Нисан цІе йолчу хьалхарчу баттахь ХІаманна хьалха «пур» (иза «кхаж» бохург ду) тесира, де а, бутт а къастош, жуьгтий хІаллакбан лерина хан билгалъяккхархьама. Иштта Адар цІе йолчу шийтталгІачу беттан кхаж белира.
Мардахайс, и массо а хІума дІа а яздина, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь генахь а, уллохь а Іаш болчу массо а жуьгташка кехаташ дахьийтира,