Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Паччахьан лаам хилахь, цо шен сацам дІакхайкхо беза. И лакхарчу Іедалан сацам парсихойн а, мадайхойн а халкъашна юкъахь лелаш хила а беза, цкъа а юкъара дІа а ца боккхуш. Цу сацамца паччахьан зуда Вашати кхин Ахьаш-Варуш волчу чуяха йиш йолуш хила ца еза. Ткъа Вашатин паччахьан дарж цул а дикаха йолчу кхечу зудчуьнга дІадала деза паччахьо. Мардахайс аьлларг теллинчул тІаьхьа, паччахьна дІахиира, иза баккъал а бакъ дуйла. Паччахь вен барт бина волу ши гІаролхо дитта тІехь ирхъоьллира, ткъа паччахьна хьалха и массо а гІуллакхаш паччахьан хиламийн тептар тІехь дІаяздира. Паччахьан лаам хилча, ас цуьнга цхьа кховдор дийр дара. И нах хІаллакбе аьлла, хьан омра хилча, аса итт эзар гали дато ахча дохьуьйтур дара хьан хазне, хьан хьал лардеш болчу нахе дІадала». Эсирата элира: «Паччахьан лаам хилахь, тахана хьо а, ХІаман а аса хьан дуьхьа кечдина долчу тойне вогІийла луур дара суна». ТІаккха Эсирата элира: «Нагахь, паччахь, хьо суна реза а велахь, иштта паччахьан лаам а белахь, сан лаамца сан дахар а суна дуьтийла цо, сан къам а дийна дуьтийла цо сан дехарца. ХІара ду-кх сан хьоьга долу дехар, ХІаман ша Мардахайна кечбина болчу бІогІам тІехь ирхъоьллира. Цул тІаьхьа паччахь оьгІазваханчуьра юхавирзира. Цу кехаташ тІехь яздина дара, паччахьо хІора гІалахь болчу массо а жуьгташна шайн мостагІех лардала бакъо яларх лаьцна. Царна бакъо елира муьлххачу а халкъан я меттиган эскар хІаллакдан, цуьнан зударий а, бераш а дайа, нагахь санна и халкъ царна тІелеттехь. Иштта бакъо елира церан бахам шайна дІабахьа а.
Выбор основного перевода