Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду. ПІелаштамхойн халкъ кхерамо Іадийна хир ду. Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу, Муабера баьччанаш дага тІе кхерам тесна хир бу, КанаІанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу. Кхерамо Іадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тІулгаш санна, дІатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тІехдаллалц, мехах паргІатдаьккхина халкъ тІехдаллалц. Сайх болу кхерам хьол хьалха дІабохуьйтур бу Ас, ткъа муьлхха а хьо тІедахана халкъ дохийна хьовзор ду. Хьан мостагІий, дІа а берзийтина, хьуна хьалхара бовдуьйтур бу Ас. Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хІара мохк шуна дІабеллийла. Тхуна тІе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду. Тхуна хезна, шу Мисар-махкара арадевлла догІуш, Везачу Эло шуна хьалхара Эрзийн хІордан хи дІадаьккхина бохуш. Ткъа иштта Йорданал дехьа Іийначу эмархойн ши паччахь Сихьон а, ІовгІа а аша хІаллаквинийла а хезна тхуна. Цунах лаьцна тхуна хезча, тхан дегнаш шелделира, тхоьгахь цхьаьнггахь а шуна дуьхьало ян доьналла ца дисира, хІунда аьлча шун Веза Дела лакхахь стигалахь а, лахахь лаьттахь а Дела ву. Цу кехаташ тІехь яздина дара, паччахьо хІора гІалахь болчу массо а жуьгташна шайн мостагІех лардала бакъо яларх лаьцна. Царна бакъо елира муьлххачу а халкъан я меттиган эскар хІаллакдан, цуьнан зударий а, бераш а дайа, нагахь санна и халкъ царна тІелеттехь. Иштта бакъо елира церан бахам шайна дІабахьа а. Паччахьан сацам дІакхаьчначу хІора меттехь а, хІора гІалахь а адам чІогІа сакъералуш а, доккхадеш а дара, цара даккхий тойнаш дІа а хІиттийнера. Тайп-тайпанарчу къаьмнех дукхах болу нах жуьгтий хилира, хІунда аьлча уьш жуьгтех чІогІа кхерабеллера. Адар-беттан дейтталгІачу дийнахь Шушан-гІалахь вовшах а кхетта, жуьгташа кхин а кхо бІе стаг вийра, амма церан бахамах цхьа а хІума схьа ца ийцира. Пачхьалкхан кхийолчу меттигашкахь Іаш болчу жуьгташа, шаьш лардархьама а, шайн мостагІех шаьш паргІатдахархьама а, вовшах а кхетта, кхузткъе итт эзар мостагІа вийна хилла, амма церан бахамах куьг ца тоьхна. И хІума хилира Адар-беттан кхойтталгІачу дийнахь. Ткъа цу беттан дейтталгІачу дийнахь, дагна синтем а хилла, цара и де, самукъане деза де дина, дІахІоттийра. Ткъа Шушан-гІалахь бехаш болу жуьгтий Адар-беттан кхойтталгІачуй, дейтталгІачуй деношкахь вовшахкхеташ хилла. ПхийтталгІачу дийнахь цара садоІуш хилла. И де цара, самукъане деза де а дина, дІахІоттийна хилла. Сан синна дуьхьал мостагІалла лелораш, эхь а хетта, дІабовлийла, суна зулам лоьхуш берш юьхьІаьржачу хІиттийтахьа! ХІора дийнахь сан матто Хьан нийсо кхайкхор ю, хІунда аьлча суна зулам лоьхуш берш юьхьІаьржачу хІиттийна Ахь, царна эхь а хетийтина Ахь.
Выбор основного перевода