Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Шена паччахьан сацамах лаьцна дерг хиъча, Мардахайс шена тІера бедарш этІийра. Цо, вон тІедеача юхуш йолу бедарш шена тІе а юьйхина, коьрта тІе чимаш тесира. ЧІогІа воьлхуш гІала аравелира иза. Паччахьан кевнна улло дІа а вахана, цигахь сецира иза, хІунда аьлча сингаттаман духар дуьйхина верг цІа чу ваха бакъо йолуш вацара. Паччахьан сацам дІакхаьчначу массо а маьІІехь боьлхуш, тийжаш бара нах. Марха а кхобуш, доьлхуш дара адам, дукхах болу жуьгтий, сингаттаман духар а дуьйхина, лаьттарчу чимашкахь Іохкуш бара. «Ваха а гІой, Шушан-гІалахь мел волу жуьгтий вовшах а тохий, суна тІера марха кхаба. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ца молуш, ца дууш хан яккха. Со а, сан ялхой а хир бу, шу санна, марха кхобуш. Цул тІаьхьа со паччахь волчу гІур ю, иза Іедална дуьхьал делахь а. Нагахь со яла езахь, со лийр ю».
Выбор основного перевода