Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ШийтталгІачу Адар-беттан кхойтталгІачу дийнахь дерриг а халкъо паччахьан сацам кхочушбан безара. Иза дара жуьгтийн мостагІий, уьш кара а берзош, царна таІзар дан кечбелла долу де. Амма жуьгташа, толам а баьккхина, массо а мостагІа шайна караверзийра. Массо а жуьгтийн къомах волу стаг Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь мел йолчу гІаланашка схьагулвелира, шаьш хІаллакдан Іалашо йолуш арабевллачарна тІелата дагахь. Цхьа а стаг царна дуьхьал ца латталора, хІунда аьлча массо а къаьмнаш жуьгтех кхераделла дара. хІора шеран Адар-беттан кхойтталгІачуй, дейтталгІачуй деношкахь Пурим олу деза де дазде аьлла.
Выбор основного перевода