Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Цу кехаташ тІехь яздина дара, паччахьо хІора гІалахь болчу массо а жуьгташна шайн мостагІех лардала бакъо яларх лаьцна. Царна бакъо елира муьлххачу а халкъан я меттиган эскар хІаллакдан, цуьнан зударий а, бераш а дайа, нагахь санна и халкъ царна тІелеттехь. Иштта бакъо елира церан бахам шайна дІабахьа а. Массо а жуьгтийн къомах волу стаг Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь мел йолчу гІаланашка схьагулвелира, шаьш хІаллакдан Іалашо йолуш арабевллачарна тІелата дагахь. Цхьа а стаг царна дуьхьал ца латталора, хІунда аьлча массо а къаьмнаш жуьгтех кхераделла дара. Уьш ХІамдатин кІентан ХІаманан итт кІант вара. ХІаман жуьгтийн мостагІа вара. Цундела цара уьш байина дІабехира, амма церан бахамах куьг ца туьйхира. Адар-беттан дейтталгІачу дийнахь Шушан-гІалахь вовшах а кхетта, жуьгташа кхин а кхо бІе стаг вийра, амма церан бахамах цхьа а хІума схьа ца ийцира.
Выбор основного перевода