Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ХІара хІума хилла Ахьаш-Варуша паччахьалла дечу заманчохь. Ахьаш-Варуша паччахьалла деш хилла Индина тІера Хуша-махкана тІекхаччалц йолчу цхьа бІе ткъе ворхІ меттигна тІехь. Сихха схьагулбира цу тайпана кехаташ яздеш болу паччахьан ялхой. Иза дара кхоалгІачу Сиван-беттан ткъе кхоалгІа де. Цара, Мардахайс ма-аллара, кехаташ яздира жуьгташка а, Индина тІера Хуша-махкана тІекхаччалц долчу бІе ткъе ворхІ латтанан тхьамданашка а, куьйгалхошка а, баьччанашка а. И кехаташ массо а меттигехь Іаш долчу халкъийн маттахь а, церан йозанца а яздина дара, ткъа жуьгташка яздина долу кехаташ церан шайн маттахь а, церан абат тІера элпашца а яздина дара. Паччахьо оцу тхьамданашна тІе кхо эла дІахІоттийра, царех цхьаъ Даниал а волуш. Цу тхьамданашка пачхьалкхехь долу хьал элашка дІадийцийтархьама а, шена болучу пайданах ца валархьама а динера цо иза.
Выбор основного перевода