Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьІІе дІасадаьхьира. Цу кехаташ тІехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хІаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгІачу Адар беттан кхойтталгІа де. И хІума кхочушдан билгалдаьккхина дара шийтталгІачу Адар-беттан кхойтталгІа де. Жуьгташна и хІума дан бакъо еллера Ахьаш-Варушан ерриг а пачхьалкхехь мел йолчу меттигашкахь. И хІума хилира Адар-беттан кхойтталгІачу дийнахь. Ткъа цу беттан дейтталгІачу дийнахь, дагна синтем а хилла, цара и де, самукъане деза де дина, дІахІоттийра. Ахь сан белхаран метта, суна хелхар дели, сингаттаман духарш дІа а эцна, самукъадаларан духарш суна тІедуьйхи. «Оцу хенахь зудабераш халхадевр ду, къонахой а, баккхийнаш а самукъане хир бу. Церан гІайгІанех Аса сакъерар дийр ду. Сингаттаман метта Аса царна синтем а, ирс а лур ду.
Выбор основного перевода