Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Цунна кІезиг хІума хийтира цхьа Мардахай вийна Іар. Цундела цо, Мардахай жуьгтийн къомах вуй шега дийцарна, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь болу массо а жуьгтий хІаллакбан бахьана лоьхура. Ахьаш-Варушан паччахьаллин шийтталгІачу шеран Нисан цІе йолчу хьалхарчу баттахь ХІаманна хьалха «пур» (иза «кхаж» бохург ду) тесира, де а, бутт а къастош, жуьгтий хІаллакбан лерина хан билгалъяккхархьама. Иштта Адар цІе йолчу шийтталгІачу беттан кхаж белира. Ахьаш-Варуш волчу а веана, ХІамана элира: «Хьан къаьмнашна юкъахь, пачхьалкх мел ю, массо а маьІІехь дІасадаьржина цхьа къам ду. Кхечу къаьмнийн доцу Іедалш ду цу къоман, ткъа цара пачхьалкхехь дІахІоттийна долу Іедалш кхочуш а ца до. Цундела паччахьо уьш иштта лелийта ца оьшу. Паччахьан лаам хилча, ас цуьнга цхьа кховдор дийр дара. И нах хІаллакбе аьлла, хьан омра хилча, аса итт эзар гали дато ахча дохьуьйтур дара хьан хазне, хьан хьал лардеш болчу нахе дІадала». ТІаккха паччахьо шен пІелга тІера мухІар, схьа а даьккхина, жуьгтийн мостагІа волчу а, агІагхо волчу а ХІамдатин кІанте ХІамане дІаделира. Цо иза, жуьгтий хІаллакбе аьлла, шен омра чІагІдеш дІаделира. Паччахьо ХІамане элира: «ХІара дети хьуна дІаделла ду, ткъа цу халкъана хьайна луъург де». Хьалхарчу беттан кхойтталгІачу дийнахь схьакхайкхира паччахьан кехаташ яздархой. Цара ХІаманан омранаш дІаяздира пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу къаьмнийн меттанашкахь а, церан йозанца а. И кехаташ паччахьан тхьамданашка а, хІора меттиган куьйгалхошка а, хІора къоман баьччанашка а яздина дара. И кехаташ паччахьан цІарах яздина дара, цуьнан мухІарца чІагІдина а дара. Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьІІе дІасадаьхьира. Цу кехаташ тІехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хІаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгІачу Адар беттан кхойтталгІа де. ХІора пачхьалкхана чуйогІуш йолчу меттигехь цу кехат тІехь дІаязбина сацам, нахана хьалха дІа а бешна, гучубаккха безаш бара, уьш цу дийнахь кийча хилийтархьама. Паччахьан омрица массо а геланча сихха новкъа велира. Паччахьан сацам Шушан-гІалин гІопахь долчу халкъана дІабийшира. Паччаххьий, ХІаманний молуш Іаш вара, ткъа Шушан-гІалахь дехаш долу адамаш карзахдевлла хьийзаш дара. хІунда аьлча со а, сан къам а доьхкина ду хІаллакдан а, дайа а дагахь. Нагахь санна тхох леш дан дагахь доьхкина делахьара, аса паччахье хІумма а эр дацара, и хІума а дина, мостагІчо паччахьна хилла зе меттахІоттор доццушехь». ТІаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо, вистхуьлуш, шен зудчуьнга Эсирате хаьттира: «И хІума динарг мила ву? Схьагайта суна и хІума дан ваьхьна волу стаг». Эсирата элира: «И буьрса мостагІа а, зуламе стаг а хІара ву: ХІаман!» Ткъа ХІаман паччахьна а, паччахьан зудчунна а хьалха, кхера а велла, вегош лаьтташ вара. ЧІогІа оьгІазвахана волу паччахь, тойнера хьала а гІаьттина, шен цІенна уллохь йолчу беша аравелира. Ткъа ХІаман Эсирате, ша кІелхьарваккха бохуш, дехарш деш чохь висира. Цунна хаьара, паччахьо шена таІзар дийр дуйла. Бешара той долчу юхавеанчу паччахьна гира Эсират агІоръяьлла Іаш йолчу меттан йисте воьжна Іуьллуш волу ХІаман. ЧІогІа оьгІазвахана волчу паччахьо мохь туьйхира: «Со чохь воллушехь, сан зудчунна тІекхетта хьо!» Цуьнгара и дош доллушехь, ялхоша ХІаманан юьхь къайлаяьккхира. Паччахьан ваьІначу ялхойх цхьаъ волчу Хьарбуна элира: «ХІаманан цІенна уллохь лаьтташ, шовзткъе итт дол лекха а болуш, бІогІам бу. Иза ХІамана паччахь воьчуьра кІелхьарваьккхина волу Мардахай ирхъолла хІоттийна бу». ТІаккха паччахьо элира: «ХІаман цу бІогІам тІехь ирхъолла!» ХІаман ша Мардахайна кечбина болчу бІогІам тІехь ирхъоьллира. Цул тІаьхьа паччахь оьгІазваханчуьра юхавирзира. Эсирата, паччахьан когашка охьа а йоьжна, йоьлхуш, доьхура, агІагхо волчу ХІамана жуьгташна дан дагалаьцнарг ма дайтахьара бохуш. ТІаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо шен зудчуьнга Эсирате а, жуьгти волчу Мардахайга а элира: «ХІаман жуьгташна дуьхьалваьлла хилар бахьана долуш аса цуьнан бахам Эсиратана дІабелла, ткъа иза ша бІогІамна тІе ирхъоьллина. Паччахьо омра дІаделира иштта дан. Шушан-гІалахь и сацам дІабовзийтира. Цара ХІаманан итт кІентан декъий ирхъоьхкира. Кхечунна ор доккхург ша оцу ор чу вужур ву. Массо а халкъашна гергадеана Везачу Элан къематде. Аша диннарг шуна а дийр ду. Хьакъ мел дерг шун кортош тІе доьрзур ду.
Выбор основного перевода