Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо цуьнгара Дамасакх-гІаларчу жуьгтийн гуламан цІеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Іийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь. ГІалара нах бекъабелира. Цхьаберш жуьгташкахьа бевлира, вуьш – векалшкахьа. ПахІал нах гулбеллачу метте ваха лууш вара, амма мурдаша ца вахийтира иза. Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дІа а довлий, царах дІакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хІуманах ма хьакхалойша, тІаккха Аса тІеоьцур ду шу». Хьуна хууш ма-хиллара, Асиа-махкахь берш массо а сох дІабирзина. Царна юкъахь бу Пигал а, ХІарми-Гена а. Цкъа а, шозза а айхьа хьехамаш бина болу нах бекъаболуьйтург Іадвита, и стаг, нийсачу новкъара гал а ваьлла, къинош а летош, ша-шена кхел еш лелаш хилар хьайна хаьа дела. Нагахь шеца и хьехамаш а боцуш, ткъа кхин хьехамаш бахьаш цхьаъ шу долчу вагІахь, аша цІа чу а ма вита иза, цуьнга маршалла а ма хатта.
Выбор основного перевода