Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тІевеара Іийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Іийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хІуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура. ПахІала а, Бар-Нааба а цигахь дуккха а хан яьккхира. Везачу Элах лаьцна майрра хьехам бора цара. Кхеран куьйгашца тамашийна хІуманаш а, билгалонаш а гайтарца Шен къинхетамах болу хаза кхаъ чІагІбора Везачу Эло. Ша гуттар а ма-ваххара, кхаа шоьтан дийнахь цу чу а воьдуш, Делан Йозанаш тІера масалш а далош, нахаца къамел дора ПахІала. ХІора шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цІийнехь къамел дора цо, жуьгтий а, грекаш а Іийсах тешийта гІерташ. Цо майрра дуьйцура гуламан цІийнехь. ПхьаьрскІилатана а, Іакхилана а цо дуьйцург хезча, цара иза шайн цІа дІа а вигна, кхин а дика кхетош Дала нахана беллачу некъах лаьцна дийцира цунна. Цара цхьа де билгалдаьккхира. Дуккха а жуьгтий баьхкира ПахІал сецначу цІийне. Іуьйранна дІаволалой, сарралц дуьйцура цо царна Делан Олаллех лаьцна, ша Іийсах лаьцна аьлларг бакъ хилар тешо гІерташ, Муса-пайхамаран хьехамаш тІера а, пайхамарша дІаяздинчунна тІера а тоьшаллаш а далош.
Выбор основного перевода