Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПахІала а, Бар-Нааба а цигахь дуккха а хан яьккхира. Везачу Элах лаьцна майрра хьехам бора цара. Кхеран куьйгашца тамашийна хІуманаш а, билгалонаш а гайтарца Шен къинхетамах болу хаза кхаъ чІагІбора Везачу Эло. Уьш, ша санна, четарш деш буйла хиъча, иза цаьрца болх а беш сецира. ХІора шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цІийнехь къамел дора цо, жуьгтий а, грекаш а Іийсах тешийта гІерташ. Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахІала шен ерриг а хан хьехамаш беш дІахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Іийса ву бохуш. Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТІаккха ПахІала, шен бедарш тІера чан дІа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хІуманна а бехке вац. ХІинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду». ТІаккха уьш, Миси-махкахула чекх а бевлла, Троя-гІала баьхкира. Буьйсанна, сурт а хІоьттина, Македонера цхьа стаг гира ПахІална. Цу стага дийхира: «Македоне схьа а волий, тхуна гІо дехьа», – аьлла.
Выбор основного перевода