Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна дуьхьал Іийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тІе, Соьгахула бен. Амма царах цхьаберш, дар а белла, Іийсах ца тешна юхабевлира, нахана хьалха Везачу Элан некъах лаьцна харцдерг а дуьйцуш. ПахІал уьш болчуьра дІавахара, шеца Іийсан мурдаш а эцна. Цо хІора дийнахь къуьйсура Тиранан долахь долчу, нах гуллучу цІийнехь. Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Іан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хІиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш. Тхайн дагахь-м тхаьшна даларан кхел йина моьттуш дара тхо. Иза хиллера, тхо тхайх тешна а доцуш, амма белларш а юхаденбеш волчу Делах тешна хилийтархьама.
Выбор основного перевода