Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа, дІавоьдуш, цо элира: «Далла лаахь, со юхавогІур ву шу долчу». Цул тІаьхьа иза хІордкеманца Эпас-гІалара дІавахара. ХІордан йистехь йолчу Кхесрин-гІала а веана, цигахь ца соцуш, Ярушалайме, лома, хьалавахара ПахІал. Цигара Іийсах тешачийн тобане маршалла а хаьттина, Антиохе охьавахара иза. Ткъа хІинца Делан Синан лаамца Ярушалайме воьду со. Цигахь сайга хІун догІу а ца хаьа суна. Буьйсанна ПахІална хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ЧІагІлолахь, ПахІал. Айхьа Ярушалаймехь Сох тоьшалла ма-дарра, Римехь а иза дан дезар ду хьан». Динан вежарий! Шуьга дІахаийта лаьа суна: дукхазза а шу долчу ван кечвеллера со, амма, хІара хан тІекхаччалц, и дан сан аьтто ца болура. Кхечу къаьмнех болчу вукху нахана юкъахь санна, шу долчохь а стом кхио лаьара суна. Цу бахьаненна мосуьйттазза новкъарло йира суна шу долчу дІаван. Ткъа хІинца хаза кхаъ кхачаза меттиг кху мехкашкахь йоцу дела а, дукха хенахь дуьйна шу долчу дІаван сан дагахь долу дела а, со шу долчу ван ойла йолуш ву, Испани-махка новкъа а волуш. Сан дегайовхо ю, цига а воьдуш, шу долчу хьошалгІа кхача. Хазахетарца ас шуьца жимма хан яьккхинчул тІаьхьа, суна новкъа вала гІо дан тарло аша. Ткъа хІинца со Ярушалайме воьду Делан нахана гІуллакх дан. Македонера а, Ахаера а динан тобанаша сацам бина, Ярушалайм-гІалахь болчу Делан нахана юкъарчу къечарна сагІина ахча дахьийта. И сацам цара шаьш бинехь а, Ярушалаймерчу Іийсах тешачарна хьалха иза дан декхарийлахь а бу уьш. Кхечу къаьмнех болу нах жуьгташкахула, тешаре хьаьжжина, декъалбина хилча, шайн долахь долчу рицкъе хьаьжжина, жуьгтий декъалбан а декхарийлахь бу уьш. И гІуллакх чекх а даьккхина, сагІина гулдинарг царна билггал дІакхаьчна даьлча, со Испани ваха новкъа вер ву. Цига воьддушехь, со шун гІала чувоьрзур ву. Со тешна ву, шу долчу веача, Дала леррина Къобалвинчуьнгара шортта долчу декъалдаршца со вахарх.
Выбор основного перевода