Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Іийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Іийсас ца магадора, Ша мила ву дийца. «ХІей, Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца, Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» – бохуш. Дукхахдолчу адамех жинаш дІакъаьстира: «Хьо Делан КІант ву!» – бохуш, маьхьарий а детташ. Іийсас царна иза ала ца магадора, хІунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла. Цкъа доІа дечу метте тхо дІадоьлхучу хенахь новкъахь тхуна дуьхьалкхийтира цхьа йоІ-ялхо. Хиндерг хоуьйтуш жин дара цунна чохь. Шен хІусамдайшна боккха пайда бахьара цу ялхочо, нахана хиндерг а дуьйцуш. ПахІална а, тхуна а тІаьхьа а йогІуш, мохь беттара цу йоІа: «ХІара нах Веза Воккхачу Делан ялхой бу! КІелхьарваларе боьду некъ кхайкхош бу хІорш!» – бохуш. Цо хІора дийнахь беттара и мохь. Эххар а, собар кхача а дина, ПахІала, юха а вирзина, элира жине: «Дала леррина къобалвинчу Іийсан олаллин цІарах ас омра до хьоьга: арадала цунна чуьра!» Цу сохьта жин йоІанна чуьра араделира. Хьо теша Дела цхьаъ хиларх, иза дика ду. Ур-атталла жинаш а теша Иза хиларх – ткъа уьш кхерарна дегадо!
Выбор основного перевода