Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхечу къаьмнийн массо а деланаш – цІуш бу, ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина. Шена цхьа а пайда ца бахьан волу дела хьан вийр ву лалийна воьттинчу цІунах? Иза деш верг а, цуьнан уллоранаш а юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Пхьераш шаьш а адамаш бен ма дац. Массо а схьа а гулбалийтий, цхьаьна дІахІиттийта уьш. Нахала а баьхна, уьш кхоьруш хир бу. Аьчкапхьеро шен гІирсаца кІоранан алу тІехь болх бо. Цо жІаьвнашца аьчках цІунан кеп йо. Цо, шен куьйгийн ницкъ ма-кхоччу, болх бо. Иза мац а ло, гІоранах а оьшу, хьаг а ло, кІад а ло. Дечигпхьеро дечиг тІехь юстаран тІийраг кховдайо. Суьртана гонах къоламца сизаш хьокху цо. Уьрсаца дІа а хедийна, шен гІирсаца леррина кеп гойту. Дечигах стеган кеп йо цо, хазачу адаман аматехь сурт до цо, и цІу цхьана цІа чохь Іайтархьама. Цо баганан дитташ хедадо, шена ножан я зоьзан дитт схьакхоьхьу. Хьуьнан юккъера шена дитташ схьа а хоржу. Цу стага къахьаштонан дитт дІадугІу, ткъа догІано иза доккха хуьлуьйту. Цу дечигех стагана ягориг хуьлу. Царах цхьа дакъа, цІе а латийна, вохвала а, бепиг датта а схьаоьцу цо, ткъа вукху декъах цІу а вой, цунна Іибадат до. Дечиган цхьа дакъа цІергахь дагадо, цу тІехь кхача а кечбо, жижиг а дотту, иза вуззалц даа а доу. Цул сов, цІера уллохь вох а луш, стага олу: «Ма дика ду! Со хІинца вохвелла. Суна йовхо хаало». Бухадисинчу дечигах цо дела во, шен цІу. Цунна Іибадат а деш, стага боху: «КІелхьарваккхахьа со, хьо сан дела ма ву». Царна хІумма а ца хаьа, уьш хІумманах а ца кхета. Церан бІаьргаш а, дегнаш а дІакъевлина ду, царна са ца гайта а, церан кхетам ца хилийта а. Стаг ца кхета, цуьнан хьекъал ца кхочу ала: «Ах дечиг цІергахь дага а дина, цу тІехь бепиг а деттина, жижиг а кхерзина ас. Ткъа дисинчух аса дегаза цІу вийр варий те? Дечиган юьхкана со сужда гІур варий те?» Овкъарна тІаьхьаваьлла лела иза, Іехийначу даго харц новкъа ваьккхина иза. Шен са паргІат а даьккхина, цуьнга ца алало: «Сан аьтту куьйгахь харцо юй теша?» Царна юкъахь лелаш долу динан Іадат эрна ду: хьуьнхахь дитт схьа а хададой, пхьеро агарца цунах кеп йоккху, Иштта, Делан бераш долчу вайна мотта ца оьшу Дела адаман хьекъалца а, говзаллица а кхоьллинчу тІулгах, я деших, я детих тера ву. «ХІокху стага нахана хьоьхуш долу Далла де боху гІуллакх вайн Іедалца догІуш дац». маьхьарий а детташ: «Исраилхой! ГІо дейша! ХІара массанхьа а нах товратан хьехамашна а, вайн халкъана а, Делан цІенна а дуьхьалбохуш ву. Ткъа хІинца, Делан цІийне кхечу къомах болу нах – грекаш – а балийна, сийлахьа меттиг бехйина кхо».
Выбор основного перевода