Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лулахой ларамах буьзира. Хиллачух лаьцна массанхьа а ламанца болчу ЯхІуд-махкахь дуьйцуш дара. Массо а Деле болчу ларамах буьзира. Юха Далла хастамаш бан хІиттира уьш. Цхьаболчара бохура: «Веза пайхамар веана вайна юкъа». Вукхара бохура: «Дела веана Шен халкъана гІо дан». И дешнаш хезча, Хьанас, охьа а воьжна, велира. ЧІогІа кхерам тесира и хезначийн массеран а кийра. Іийсах тешначийн ерриг тоба а, и хилларг хезнарш а кхерамо бахьийнера.
Выбор основного перевода