Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу Далла тІедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тІаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цІарца а дахчор ду. Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тІе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама». Адамашна иштта хьехамаш бора цо: «Барам боцуш сол нуьцкъалниг вогІу суна тІаьххье. Цунна хьалха ур-атталла гора а хІоьттина, Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста хьакъ вац со. Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу». Іийса вале Яхьъяс кхайкхам бира берриг а Исраил-махкахь нахе, Далла тІе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта аьлла. Шена тІедиллина декхар кхочушдина волуш, Яхьъяс олура: „Со шуна моьттург вац, хІан-хІа, Иза сол тІаьхьа вогІур ву, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ вац“. ХІума ца девзаш яьккхинчу ханна Дала бехке ца до шу, амма хІинца массо а адамашка, массанхьа а, лелийначунна дохко а довлий, Шена тІедерза аьлла, омра до Цо. Жуьгташка а, грекашка а цхьабосса дийцина ас, лелийначунна дохко а довлий, Далла тІедерза бохуш. Вайн Везачу Элах Іийсах тешаре а кхайкхина ас цаьрга.
Выбор основного перевода