Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнца бара накъостий: Берия-гІалара Пирран кІант Сопатар а, Тассалник-гІалара Арестах а, Секант а, Дерби-гІалара Гаяс а, Тимапи а, Асиа-махкара шиъ – ТихІак а, ТрахІим а. Асиа-махка доьдучу Адрамитти-гІалин хІордкеманна тІе а хевшина, новкъадевлира тхо. Тхоьца Арестах цІе йолу Тассалник-гІалара македонхо а вара. Маршалла доуьйту шуьга со а, ерриг а динан тоба а комаьрша тІеоьцуш волчу Гаяса. Маршалла доуьйту шуьга гІалин ахча лардеш волчу Арсатис а, динан вашас Кавартис а. [25] Дала леррина къобалвинчу Іийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тІехь шу чІагІдан. БІешерашкахь дуьйна дІакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогІуш бу и хаза кхаъ. [26] И бакъдерг хІинца гучудаьккхина пайхамарийн тептаршкахула. Даима а волуш волчу Делан омрица и къайле дІакхайкхийна массо а халкъашна, Дала леррина къобалвинчу Іийсах уьш тешийтархьама. [27] Абаденналц хастам хуьлийла цхьаъ бен воцучу, хьекъалечу Далла Цо леррина къобалвинчу Іийсагахула! Амин. Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Дала шуна делла дика бахьана долуш, шуна тІера ас даим а баркаллаш боху сайн Далла. Нагахь Эпасехь со адамийн сатийсарца бен «акхаройх» таса ца велча, суна хІун пайда хир бара? Нагахь беллачийн денбар хуьлуш ца хилча, тІаккха: «Юушший, молушший Іей вай, кхана вай лийр долу дела!» Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Іан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хІиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш. Шуьга маршаллаш доуьйту соьца цхьаьна набахтехь волчу Арестаха а, иштта Бар-Наабан шичас Марка а. (Цунах лаьцна олуш, аса тІедиллинера шуна, нагахь иза шу долчу кхачахь, цунна хьошалла дар.) соьца цхьаьна динан гІуллакх дІакхоьхьуш болчу Марка а, Арестаха а, Демис а, Лакас а.
Выбор основного перевода