Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа ПахІал Атина-гІалара дІа а вахана, Коринт-гІала веара. Уьш Эпас-гІала кхечира. ПхьаьрскІилата а, Іакхила а цигахь сецира. ПахІал ша жуьгтийн гуламан цІийне вахара, жуьгташца къамел дархьама. Цара дийхира цуьнга, шайца кхин а Іе аьлла, амма иза реза ца хилира. Ткъа, дІавоьдуш, цо элира: «Далла лаахь, со юхавогІур ву шу долчу». Цул тІаьхьа иза хІордкеманца Эпас-гІалара дІавахара. ХІордан йистехь йолчу Кхесрин-гІала а веана, цигахь ца соцуш, Ярушалайме, лома, хьалавахара ПахІал. Цигара Іийсах тешачийн тобане маршалла а хаьттина, Антиохе охьавахара иза. Цигахь жимма хан а яьккхина, кхидІа а шен некъ бира цо, Галатин а, Пхьаргин а мехкашкара цхьана гІалара вукху гІала а воьдуш, массо а мурдаш шайн Іийсах тешарехь чІагІ а беш. Апа-Леса цІе йолу цхьа жуьгти веара Эпас-гІала. Иза Искандар-гІалара схьаваьлла вара. Къамелана говза а волуш, Делан Йозанаш дика девзаш вара иза. Со ала гІертарг хІара ду: шуна юкъахь олу: «Со – ПахІалехьа ву», «Со – Апа-Лесехьа ву», «Со – Кипехьа ву», «Со – Іийсагахьа ву». Ткъа мила ву Апа-Леса? Я мила ву ПахІал? Тхайгахула шу тешаре далийна долу ялхой бен дац тхо. Везачу Эло тхаьшна хІоранна тІедиллина доллучул гІуллакх кхочушдина оха. Аса хІу тесира, Апа-Лесас цунна хи туьйхира, амма и хІу хьалакхиийнарг Дела ву.
Выбор основного перевода