Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цкъа хІинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тІехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“. Иза Цо элира Шех тешаш болчара тІеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хІинца а Делан Са дацара, хІунда аьлча Іийса Дас сийлалла даза вара. Кипас элира цаьрга: «Шух хІора а Далла тІе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Іийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТІаккха шуна совгІат санна Делан Са лур ду. ХІунда аьлча царна тІе цхьанна а Делан Са доьссина дацара. Уьш Іийса-Элан дуьхьа хих чекхбаьхна бен бацара. Кипас а, Яхьъяс а царна тІехула куьйгаш лецира, тІаккха Іийсах тешначарна Делан Са тІеийцира. Сема а, ларлуш а хила. Іуьно Іалашбо бажа санна, Дала Шен КІентан цІийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Іийсах тешачу нехан тоба Іалашъе.
Выбор основного перевода