Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ткъа хьуна гІуллакх ца до пачхьалкхаш а, халкъаш а чекхдовллалц хІаллакдийр ду. Ливанун-махкара сийлахь дитташ – зоьзан а, базанан а, баганан а цхьаьний – хьуна схьадахьар ду. Цаьрца хаздийр ду Сан деза цІа, тІаккха Ас сийдийр ду Сайн когийн меттиган. Хьуна гІело йиначеран кІентий, муьтІахь хиларца хьо йолчу а баьхкина, хьан когашка охьаоьгур бу. Хьох ца бешаш хиллачара хьох эр ду Везачу Элан гІала а, Исраилан халкъан Везачу Делан Цийон а. Ткъа паччахьалла а, олалла а, ерриге а стигална кІел йолчу пачхьалкхийн сийлалла а дІалур ду Веза Воккхачу Делан болчу нехан къоман кара. Делан паччахьалла абаделлалц долу паччахьалла ду. Массо а олахой Цунна Іибадат деш а, муьтІахь а хир бу“. Толам а боккхуш, Сан гІуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тІехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гІожаца царна тІехь олалла дийр ду, кхийра пхьегІаш санна, отур а бу уьш’. Цунна лур бу Ас Іуьйренан седа. «Амин! Хастам а, сийлалла а, хьекъалалла а, баркалла а, ларам а, нуьцкъалалла а, чІагІо а хуьлийла вайн Далла ерриг а тІейогІучу заманна! Амин!» – бохура оцу маликаша. ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду». Цул тІаьхьа суна гира паччахьан гІанташ. Царна тІе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а тІера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Іибадат ца динера цара. Цу экханан мухІар а тІе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тІе а, я куьйгаш тІе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.
Выбор основного перевода