Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
СхьавогІур ву Вайн Дела, амма тийналлица вогІур вац Иза. Дерриг хІума а дІакхоллуш йолу цІе ю Цунна хьалха, чехкабаьлла мох бу Цунна гонах. Делан сийлахь гІудалкхаш итт эзарал а алссам ю, эзарнаш а эзарнаш ю. Царна юккъера Веза Эла Синай-лома тІера Шен дезачу цІа чу воьссира. Цунна хьалха цІе йоьдуш а ю, ткъа Цунна гонах мел болу мостагІий оцу цІаро дІакхоллуш а бу. Дукха хенахь дуьйна Тупат цІе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цІе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кІорга а, шуьйра а ю. Цу цІерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза. Суна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Іаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш – эзарзза эзарнаш. ТІаккха суна гира лараме боцу а, цІеяхана хилла болу а белларш. Уьш Іаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТІаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тІе дІаяздина долчу адамийн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.
Выбор основного перевода