Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехула саппир олучу безачу тІулгах йинчу Іаршах тера хІума яра. Цу тІехь адаман сибатехь волу цхьаъ Іаш волуш санна хетара. Цу сохьта стигалахь Адамийн КІентан тамашийна билгало гучуер ю. Дуьнен чуьра массо а къаьмнаш гІайгІане хир ду. Стигаларчу мархашна тІехула схьавогІуш Адамийн КІант гур ву царна, Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а гучуваьлла волу. Ткъа Адамийн КІант, Делан Йозанашна тІехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дІавоьдуш ву. Амма декъаза ву Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гІоле яра!» «ТІаккха гур ву царна Шен боккхачу ницкъаца а, сийлаллица а мархаш тІехула вогІу Адамийн КІант. Іийсас элира: «Со ву. Шуна гур а ву Адамийн КІант Нуьцкъалчу Далла аьтто агІор хиъна Іаш а, стигалан мархашца охьавуссуш а». ТІаккха гур ву царна Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а „мархи тІехула вогІу Адамийн КІант“. Адамех цхьа а стигалшка хьала а ца ваьлла, Адамийн КІант бен стигалшкара охьа а ца воьссина. Иза Адамийн КІант волу дела, кхел ян а бакъо елла Дала Цуьнан кара. Наха Іийсага элира: «Тхуна хезна товрат-хьехам тІехь, Дала леррина Къобалвинарг даим а вехар ву аьлла, дуйла. Ткъа Ахь муха боху: „Адамийн КІант хьалаваьккхина хила везаш ву? Мила ву и Адамийн КІант?“» Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тІаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тІехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин! Ткъа оцу ворхІ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кІантах тера цхьаъ» вара. Цунна тІехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара. Со дІахьаьжча, суна кІайн марха гира. Цу мархина тІехь «адамийн кІантах тера волу цхьаъ» вара охьахиъна. Цуьнан коьрта тІехь деших дина таж дара. Ткъа карахь ира марс бара.
Выбор основного перевода