Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а? Хьанна дуьхьал аз айдина ахь, Хьанах ца вешаш хьайн бІаьргаш хьалаайина? Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх хьо! Ахь хуьйцу-кх хенаш а, заманаш а, дІа а боху, хІитта а бо паччахьаш. Ахь кхетам болчарна кхетамалла ло, хьекъал долчарна хьекъалалла ло. Цунна, адамийн кхетам дІа а баьккхина, экхан кхетам лур бу. Цунна ворхІ зама гур ю. Цуьнан ницкъ чІагІлур бу, цуьнан шен ницкъаца и ца хилахь а. Тамашийна бохамаш бан а, ша мел дечунна тІехь аьтто хила а, онда ницкъ берш а, Делан халкъ а хІаллакдан а ларош хир ву иза. И паччахь хьекъал долуш хиларна, тешнабехк барехь аьтто хуьлуш хир ву. Цуьнан даг чу куралла южур ю. ДІахьедар а ца деш, халкъашна юкъара дукхахберш цо цІеххьана хІаллакбийр бу. Уггар а лакхара волчу паччахьна дуьхьал вер ву иза, ткъа иза хІаллаквийр ву, амма иза адаман карах хир дац. Цу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тІехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгІазло хиллалц иза тоьлур ву, хІунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду. ТІаккха гатанан духарца хиш тІехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хІара дерриг а чекхдер ду». Ткъа зудчунна йоккхачу аьрзун ши тІам белира, яьссачу аренга шена кечйинчу метте иза тІема ялийтархьама. Цигахь, саьрмикна уллора дІа а яьккхина, зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц, цуьнан дола дийр долуш дара. Кура а, Іеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Іан бакъо елира цунна. Дела а, Делан цІе а, Дела веха меттиг а, стигалахь бехаш берш а, сийсаз а беш, Іеса къамелаш дан долийра цо. ТІаккха суна гира Делан долахь болчеран а, Іийсана тешаме хилар бахьанехь байинчеран а цІийно и зуда яхийна хилар. Иза гича, со чІогІа инзарваьллера. Кху гІалахь карийнера байинчу пайхамарийн а, Делан нехан а, массо а кху лаьттахь байинчеран а цІий!
Выбор основного перевода